Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Хьоьга хьалахьажабо ас сайн ши бӀаьрг, стигалшкара паччахьалла деш Верг! |
| 2 |
| Лай шен олахочуьнга ма-хьежжара, зуда-лай шен зуда-олахочуьнга ма-хьежжара, вайн Везачу Деле хьоьжуш ду вай, Цо вайх къинхетам баллалц. |
| 3 |
| Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, къинхетам бехьа, хӀунда аьлча тӀехдукха кхиссарш йора тхуна наха. |
| 4 |
| Дуккха а хьийгира оха куранаш тхох кхардар а, куралла ечара тхо аьшнаш дар а. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/122.mp3
150
122