Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Олийла Исраилан халкъо: «Нагахь Веза Эла вайца ца хиллехь, |
| 2 |
| мостагӀий тӀелеттачу хенахь, Иза вайца ца хиллехь, хӀун хилла хир дара те вайх? |
| 3 |
| Шаьш дарбеллачу хенахь мостагӀаша вай дийна доллушехь дӀакхоллур дара-кх. |
| 4 |
| Дистина тӀедогӀучу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай. |
| 5 |
| Карзахдаьлла долчу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай». |
| 6 |
| Декъала ву вай мостагӀашка хӀаллак ца дайтина волу Веза Эла! |
| 7 |
| РечӀанах кӀелхьардовлу олхазарш санна, кӀелхьардевлла вайн синош. И речӀа хада а еш, вай дӀасадевдда. |
| 8 |
| Везачу Элера ду вайна гӀо — Иза стигалш а, латта а Кхоьллинарг ма ву. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/123.mp3
150
123