×

Делан Йозанаш 2012

Забур 124

1
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Элах тешаш верг Цийон-лам санна ву. Иза меттах а бер бац, массо а ханна лаьттар а бу.
2
Лаьмнаша Ярушалаймана го баре терра, Веза Эла Шен халкъана гонах ву, хӀинца дуьйна массо тӀейогӀучу ханна.
3
Ӏесачу наха суьпачу нехан лаьтта тӀехь куьйгалла дар даим дуьсур дац, суьпачу нахе шайн куьйгаш зулам дарна тӀе ца кховдадайтархьама.
4
Диканиг дехьа, Веза Эла, дикачарна — цӀена дегнаш долуш болчарна.
5
Амма харц новкъа бевллачарна — Везачу Эло таӀзар дойла харцонаш лелочаьрца цхьаьна. Исраилна тӀехь машар хуьлийла!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки