×

Делан Йозанаш 2012

Забур 125

1
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттийча, тхо гӀенах лелаш санна дара.
2
Цу заманахь тхо синкъераме доьлуш дара, тхан аьзнаш даккхийдерах дуьзна а дара. Цу хенахь кхечу къаьмнашна юкъахь олуш дара: «Оцу халкъан дуьхьа Везачу Эло сийлахь гӀуллакхаш дина!»
3
Сийлахь хӀуманаш Везачу Эло тхан дуьхьа дина, цундела тхо сакъералуш дара.
4
КхидӀа а юхаметтахӀиттадехьа тхо, Веза Эла, якъаеллачу аренгахь Ӏовраш хецар санна.
5
БӀаьрхишца латта дӀадийначо самукъадаларца ялта хьокхур ду.
6
Белхарца хӀу эцна кха тӀе воьдуш верг самукъадаларца шен цӀевнаш дахьаш юхавоьрзур ву.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки