×

Делан Йозанаш 2012

Забур 126

1
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Сулим-паччахьан назма. Нагахь цӀа Везачу Эло Ша дойтуш дацахь, иза дечара эрна къахьоьгу, нагахь Везачу Эло гӀала ларъеш яцахь, гӀаролан сема хилар эрна ду.
2
Эрна ду шун хьалххе хьалагӀовттар а, хан яллалц Ӏар а, хьацарца даьккхина бепиг даар а. И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, иза вижина Ӏуьллушехь.
3
Бераш Везачу Элан тӀаьхье ю, уьш Цо делла совгӀат ду.
4
ТӀемалочун карахь долу пхерчий санна бу ден къоначу хенахь бина болу кӀентий.
5
Ирс долуш ву цаьрца шен Ӏад-ботт хьалаюьзнарг! Иза юьхьӀаьржачу хӀуттур вац кевнехь ша мостагӀашца къамел дечу хенахь.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки