×

Делан Йозанаш 2012

Забур 127

1
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ирс долуш ву, Делах а кхоьруш, Цуьнан некъашца лелаш волу стаг!
2
Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза, ирс долуш а, беркате а хир ву иза.
3
ТӀаккха цуьнан цӀа чуьра цуьнан зуда а хир ю, стом луш йолу кемсийн таьлланг санна. Оцу стага дӀадоьгӀначу зайт-диттан гаьннаш санна, цуьнан бераш а хир ду цуьнан шуьнна гонах.
4
Иштта декъал хир ву Везачу Элах кхоьруш волу стаг!
5
Цийон-лам тӀера Везачу Эло декъалвойла иза. Ярушалайм-гӀалин заза даккхар гойла цунна массо а цуьнан дахаран деношкахь.
6
Шен берийн бераш а гойла цунна. Машар лаьттийла Исраил-махкахь!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки