Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. «Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, — дӀаолийла Исраилан халкъо. — |
| 2 |
| Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, амма суна тӀехь толам ца баьккхина. |
| 3 |
| Сан букъа тӀехь охана дина, ахархоша деха хершнаш даьхна. |
| 4 |
| Амма Веза Эла нийсо лелориг ву: Ӏесачеран лоллера Цо со паргӀатваьккхира». |
| 5 |
| Эхь а хетта, юхабовлийла Цийон-лам тӀехь лаьтташ долу Делан цӀа ца дезаш болу берриш а! |
| 6 |
| Схьаяккхале якъалуш йолу тхов тӀера буц санна хуьлда уьш. |
| 7 |
| Цу бецах маьрсахочо буй бузур бац, ткъа цӀов боьхкуш волчо — шен кана. |
| 8 |
| Уллохула тӀехбовлучара эр дац: «Везачу Элан декъалдар шуна тӀехь хуьлийла! Везачу Элан цӀарца оха декъалдо шу!» |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/128.mp3
150
128