Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. КӀоргенера кхойкху ас Хьоьга, Веза Эла. |
| 2 |
| Веза Эла! ДӀахазахьа сан аз. Суна къинхетам баран дехаре ладугӀуш хуьлийла Хьан лергаш. |
| 3 |
| Нагахь Ахь, Веза Эла, къинош дӀаяздеш хилча, ва Хьалдолу Эла, мила латталур ву те? |
| 4 |
| Амма нахана гечдийриг Хьо волу дела, Хьуна хьалха тхо ларамах дуьзна лаьтта. |
| 5 |
| Везачу Эле хьоьжуш ву со сан са Цуьнга хьоьжуш ду. Цуьнан дашах тешна ву со. |
| 6 |
| Сан са Везачу Эле хьоьжу, ха деш берш Ӏуьйрене хьоьжучул сов, уьш Ӏуьйре тӀекхачаре хьоьжучул сов. |
| 7 |
| Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах дегайовхо йолуш хуьлийла хьо, хӀунда аьлча Везачу Элехь хедар боцу безам бу, Иза массо а хенахь нах паргӀатбаха лууш ву. |
| 8 |
| Массо а ша летийначу къинойх Исраилан халкъ Цо паргӀатдоккхур ма ду. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/129.mp3
150
129