Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Ма телхина нах бу уьш, цара лелориг мел дегаза хӀума ду. Диканиг дийриг цхьа а вац царах. |
| 2 |
| Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама. |
| 3 |
| Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац. |
| 4 |
| Кхетаме богӀур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш? |
| 5 |
| ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу, Дела Шен лаамехь болчаьргахьа ма ву. |
| 6 |
| Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту! |
| 7 |
| Исраилан халкъана кӀелхьардалар Цийон-лома тӀера догӀур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахӀоттийча, Якъубан тӀаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/013.mp3
150
13