×

Делан Йозанаш 2012

Забур 131

1
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Дагаваийтахьа, Веза Эла, Дауд а, цуьнан холчу хӀиттар а,
2
цо Везачу Элана чӀагӀо яр а, Якъубан Нуьцкъалчунна ваӀда дар а:
3
«Сайн цӀийнан тхевнна кӀел гӀур вац со, со Ӏуьллучу метта хьалавер вац со,
4
сайн бӀаьргашка наб йойтур яц ас, сайн бӀаьргийн негӀарш а тӀеттӀа дохуьйтур дац,
5
Везачу Элана меттиг суна караяллалц, Якъубан Нуьцкъалчунна хӀусам хиллалц».
6
Эпратехь тхо хиллачу хенахь Делан тӀорказ мичахь ду тхуна хезна, ЯӀаран аренашкахь тхуна карийна иза.
7
Цуьнан хӀусаме а дахана, Цуьнан когийн кӀелонна хьалха суждане гӀур ду вай.
8
Веза Эла, Хьо Ӏаш волчу метте дӀахӀоттахьа, Хьо а, Хьан олаллин тӀорказ а.
9
Хьан динан дай нийсо тӀеюьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш хазахетарца баккхийбойла.
10
Хьайн ялхо волчу Даудан дуьхьа Хьайн юьхь Айхьа къобалвинчунна тӀера дӀа ма ерзаехьа.
11
Везачу Эло чӀагӀо йина Даудана, Ша юхавер воцу ваӀда дина Цо: «Хьан тӀаьхьенах волчу стагана лур ю Аса ахь динчу тайпана паччахьалла дар.
12
Нагахь хьан кӀенташа Сан барт а, Ас царна ло бакъонаш а ларъяхь, церан кӀенташа а гуттар а ахь динчу тайпана паччахьалла дийр ду».
13
ХӀунда аьлча Везачу Эло Цийон хаьржина, цунах Шен хӀусам ян лиъна Цунна.
14
«Иза гуттаренна а Со Ӏийр волу меттиг ю, кхузара Аса паччахьалла дийр ду, хӀунда аьлча и меттиг Суна езна.
15
Цуьнан сурсаташ Ас чӀогӀа декъалдийр ду, цуьнан мисканаш кхачанах бузор бу.
16
Цуьнан динан дайшна кӀелхьардовлар тӀедухур ду Ас. Цигара болу Далла тешаменаш хазахетарца баккхийбийр бу.
17
Цигахь Даудан цӀа Аса сийлахь хуьлуьйтур ду, Айса къобалвинчунна стогар дӀахӀоттор бу.
18
Цуьнан мостагӀий Аса юьхьӀаьржачу хӀиттор бу, ткъа цуьнан коьрта тӀехь цуьнан таж лепар ду».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки