×

Делан Йозанаш 2012

Забур 132

1
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Мел дика а, тамехь а ду динан вежаршна бертахь цхьаьна баха!
2
Коьрта тӀе а доьттина, АхӀаронан можа тӀехула, цуьнан бедарийн йистошка охьаоьху деза даьтта санна ду иза.
3
Цийон-лаьмнаш тӀе дуьллу Хьермон-ломан тхи санна ду иза. Цигахь делла халкъана Везачу Эло Шен декъалдар: хедар доцу дахар.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки