×

Делан Йозанаш 2012

Забур 134

1
Везачу Элана бу хастам! Хастаейша Везачу Элан цӀе, хастаейша иза, Везачу Элан ялхой,
2
Везачу Элан цӀенна уллохь гӀуллакх деш болу, вайн Делан цӀийнан керташкахь лаьтташ болу.
3
Хаставейша Веза Эла, хӀунда аьлча Веза Эла дика ву. Цуьнан цӀарна эшарш лакхийша, хӀунда аьлча иза дагна тамехь ду.
4
Везачу Эло Шена Якъубан тӀаьхье хаьржина, Исраилан халкъ Цо Шен дола даьккхина.
5
Суна хиъна Веза Эла сийлахь вуйла, вайн Веза Эла массо а деланел лакхара вуйла.
6
Везачу Эло Шена луъург до стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а, хӀордашкахь а, массо а хин кӀоргенашкахь а.
7
Цо дуьненан йистошкара мархаш гӀиттайо, догӀа догӀуш стелахаьштигаш тухуьйту, Шен хӀума дӀаюьллучу меттера мох арабоккху.
8
Мисар-махкара хьалха дуьнен чу девлларш хӀаллакдина Цо — хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий а, хьалха хилла дийнаташ а.
9
Хьо болчохь, Мисар-мохк, Цо тамашийна билгалонаш а гайтина, инзаре хӀуманаш пирӀунна а, массо а цунна уллорачарна а тӀехецна.
10
Цо дуккха а къаьмнаш эшийна, андий паччахьаш хӀаллакбина:
11
эмархойн паччахь Сихьон а, Башанан паччахь ӀовгӀа а, канаӀанхойн массо а паччахьаш а.
12
Церан латта Шен халкъана, исраилхошна, тӀаьхьалонна дӀаделла Цо.
13
Веза Эла, Хьан цӀе гуттаренна ю. Веза Эла, Хьо тӀаьхьенашкара тӀаьхьенийн а дагахь ву.
14
ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъ бехказадоккхур ду, Шена гӀуллакх дечарах Цо къинхетам бийр бу.
15
Кхечу къаьмнийн деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.
16
Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.
17
Церан лергаш ду, амма царна ца хеза, хӀо дац церан батошкахь.
18
Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.
19
Исраилан халкъ! Хаставе Веза Эла. АхӀаронан тӀаьхье! Хаставе Веза Эла.
20
Левин тӀаьхье! Хаставе Веза Эла. Везачу Элана хьалха ларамах дуьзнарш! Хаставе Веза Эла.
21
Цийон-лома тӀера хаставе Веза Эла, Ярушалаймехь Ӏаш волу Веза Эла! Везачу Элана бу хастам!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки