|
| 1 |
|
| Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 2 |
|
| Баркалла ала деланийн Далла — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 3 |
|
| Баркалла ала олалла дечеран Везачу Элана — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 4 |
|
| Баркалла ала Ша инзаре Ӏаламаташ Дечунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 5 |
|
| Баркалла ала хьекъалца стигалш Кхоьллинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 6 |
|
| Баркалла ала Хишна тӀехь латта ЧӀагӀдинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 7 |
|
| Баркалла ала ши коьрта серло Кхоьллинчунна: (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.) |
|
| 8 |
|
| царах малх дийнан Ӏуналла а деш, (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.) |
|
| 9 |
|
| бутт а, седарчий а буьйсанан Ӏуналла а деш — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 10 |
|
| Баркалла ала мисархойн хьалха дуьнен чу девлларш ХӀаллакдинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 11 |
|
| Баркалла ала Исраилан халкъ Мисар-махкара Арадаьккхинчунна (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу) |
|
| 12 |
|
| нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 13 |
|
| Баркалла ала Эрзийн хӀорд Бекъначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 14 |
|
| Баркалла ала Исраилан халкъ цу юккъехула Чекхдаьккхинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 15 |
|
| Баркалла ала пирӀун а, цуьнан эскар а Эрзийн хӀордана чу Кхоьссинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 16 |
|
| Баркалла ала Шен халкъ яьссачу арахула Чекхдаьккхинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 17 |
|
| Баркалла ала сийлахь паччахьаш Эшийначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 18 |
|
| Баркалла ала онда паччахьаш Байинчунна: — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 19 |
|
| Эмархойн паччахь Сихьон а, — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 20 |
|
| Башанан паччахь ӀовгӀа а — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 21 |
|
| Баркалла ала церан латтанаш Схьаделлачунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 22 |
|
| Баркалла ала Шен ялхочунна, Исраилан халкъана, уьш Схьакхачийначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 23 |
|
| Баркалла ала вай эшийна хиллачу хенахь вай Дагадаьхкинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 24 |
|
| Баркалла ала вай вешан мостагӀех КӀелхьардаьхначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 25 |
|
| Баркалла ала муьлххачу а садолчу хӀуманна кхача Лучунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. |
|
| 26 |
|
| Баркалла ала стигалийн Далла — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу! |
|
|
|
|