×

Делан Йозанаш 2012

Забур 136

1
Бавелан хишна юххе тхо ховшура, цигахь тхо делха а доьлхура, Цийонна хилларг дага а лоьцуш.
2
Тхайн дечиг-пондарш дак-дитта тӀе хьалаоьхкина оха.
3
Тхо йийсаре дигинчара тхоьга эшарш лакха бохура, тхуна ницкъ бечара шайн самукъадаккха бохура: «Лакхал тхуна Цийонера эшарех цхьаъ!»
4
Хийрачу махкахь а долуш, оха муха локхур ю Везачу Элан эшар?
5
Нагахь суна хьо йицлахь, Ярушалайм, сан аьтту куьйгана муха лакха еза дицлойла.
6
Сан мотт багарчу стигалх дӀалетийла, нагахь суна хьо дагахь ца хилахь, нагахь ас Ярушалайм сайн самукъадаларан коьрте ца хӀоттаяхь.
7
Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гӀала! Йохае иза буха тӀе кхаччалц!»
8
Бавелан йоӀ, хӀаллакьян ва леринарг! Ирсе ву ахьа тхуна динчунна хьуна бекхам эцнарг!
9
Ирсе ву хьан бераш, схьа а эцна, тӀулгех детташ, хӀаллакдинарг!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки