×

Делан Йозанаш 2012

Забур 137

1
Даудан назма. Веза Эла! Доллучу даггара хастам бо ас Хьуна! Стигалийн гуламна хьалха хастаме назманаш олу ас Хьуна!
2
Хьан деза цӀа долчухьа охьатаьӀа со! Хьан хедар боцучу безаман дуьхьа а, Хьо тешаме хиларан дуьхьа а хастам бо ас Хьуна, хӀунда аьлча адамаша Хьан йоккхучу муьлххачу цӀарал а, лакхадаьккхина Ахь Хьайн дешан сий.
3
Аса Хьайга кхойкхучу дийнахь жоп делира Ахь, ницкъ а белла, сан са чӀагӀдира Ахь.
4
Хьан багара долу дешнаш дӀахезча, Веза Эла, Хьуна хастамаш бийр бу лаьттарчу массо а паччахьаша.
5
Хьан некъашна, Веза Эла, иллеш эр ду цара, хӀунда аьлча доккха ду Хьан сийлалла.
6
Хьо лакхахь велахь а, Веза Эла, лахахь верг а го Хьуна. Кура верг а геннара вевза Хьуна.
7
Нагахь со баланехь хилахь а, Ахь денвийр ву со. Сан мостагӀийн дераллина Хьайн куьг а тӀехьур ду Ахь. Хьан аьтту куьйго кӀелхьар а воккхур ву со.
8
Лохьа суна, Веза Эла, Айхьа лур ду аьлларг, Хьан безаман доза ма дац. Хьайн куьйго кхоьллинарг ма дитахьа, Веза Эла!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки