1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Веза Эла! Ахь со зе а зийна, Хьуна сох лаьцна дерг дерриг а хаьа.
2
Со маца охьахоу а, со маца хьалагӀотту а хаьа Хьуна. Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а.
3
Со новкъахула вогӀуш велахь а, я вижина Ӏуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна. Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна.
4
Меттан буьххьехь долу сан дош а, ас багах а даккхале, ма-дарра девза Хьуна, Веза Эла.
5
Хьалхахь а, тӀехьахь а, суна массо а агӀор а ву Хьо, Хьайн куьг а латтадо Ахь суна тӀехь даим.
6
Ма инзаре тамашийна ду Хьуна сох хууш мел дерг. И дерриге а довза сан ницкъ ца кхаччал лекха ду-кх иза.
7
Хьан Синах а къаьстина, стенга вер вара со? Хьан юьхь-дуьхьлара а стенга водур вара со?
8
Со стигала хьалаваьлча — цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча — цигахь а Хьо ма ву.
9
Нагахь Ӏуьйренан зӀаьнарийн тӀемаш тӀехь со хьалаваьлча а, я, хӀордан дехьа йисте а ваьлла, малхбузехь со хилча а,
10
цигахь а Хьайн куьйгаца лелаво Ахь со, Хьайн аьтту куьг а кхийдадо Ахь соьга.
11
Нагахь: «Бодано хьулвойла со», я: «Суна гонах йолчу серлонах бода хуьлийла», — ас аьлча а,
12
Ӏаьржачу бодано дӀахьулвийр вац со Хьох. Хьуна-м Ӏаьржа бода а сирла серло санна бу.
13
ХӀунда аьлча, Веза Эла, суна чохь мел долу хӀума а Ахь кхоьллина ма ду. Ахь со, вовшах а тесна, сан ненан кийрахь кхоьллина ма ву.
14
Ас хастам бо Хьуна, инзаре тамашийна Ахь со кхолларна. Хьан гӀуллакхаш тамашийна ду. Сан синна иза чӀогӀа дика хаьа.
15
Хьох къайла ца делира сан даьӀахкийн хӀоттар, со къайлаха, лаьттан кийрахь волуш санна, кхоллалуш.
16
Хьан бӀаьргашна гуш ма вара со дуьнен чу а валале. Хьан тептар тӀехь дӀаяздина ду Ахь суна билгалдаьхна долу дерриг а сан дахаран денош, уьш цхьа а дола а далале.
17
Мел еза ю суна, Дела, ерриг а Хьан ойланаш, мел дукха а ю-кха уьш!
18
Уьш дерриг дагардан со воьлча, уьш гӀамарел а совдевр ду. Ткъа набарх самаваьлча, со Хьоьца караво суна.
19
Ва Дела, харцонаш лелош берш Ахь хӀаллакбахьара! ЦӀий Ӏанор дезаш дерш, суна уллора шу дӀадовла!
20
Сийсаза хабарш дуьйцу цара Хьуна дуьхьал. Хьан мостагӀаша Хьуна дуьхьал эрна хӀуманаш дуьйцу.
21
Веза Эла, Хьоьца мостагӀалла дерш ца безаш хир вац ткъа со? Хьуна дуьхьал болчех дог дер дац ткъа сан?
22
Боккха цабезам бу сан цаьрга. Уьш мостагӀий а бу сан.
23
Таллахьа Ахь со, Дела, сан дог а довзахьа. Зехьа Ахь со, Дела, сан ойланаш а йовзахьа.
24
Со харц некъа тӀе ваьллий толлуш, соьга Хьо схьахьажахьа. Хедар боцучу дахаран некъа тӀе Ахьа со ваккхахьа.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012