×

Делан Йозанаш 2012

Забур 139

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2
Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со вочу нахах, ницкъ бечу адамех ларвехьа со.
3
Шайн дегнашкахь уьш вон ойланаш еш бу, дерриг а дийнахь уьш девнаш дохуш бу.
4
Лаьхьанан мотт санна, ирбо цара шайн мотт. Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.
5
Ларвехьа со, Веза Эла, Ӏесачу нехан куьйгах. Сан когаш тасабалийта гӀерташ болчу ницкъ бечарах Ӏалашвехьа со.
6
Курачара суна гураш а, речӀанаш а хӀиттийна, новкъа тӀе бой а тесна цара, со лаца хӀуманаш охьаехкина.
7
Ас олу Везачу Эле: «Хьо сан Дела ву! Веза Эла, дӀахазахьа сан доӀанаш!»
8
Ва сан Хьалдолу Эла, сан кӀелхьарваларан ницкъ, тӀом бечу дийнахь сан корта Ахь Ӏалаш ма бина!
9
Веза Эла, Ӏесачунна луург ма хилийтахьа, цуьнан вон ойланаш кхочуш ма хилийтахьа, уьш кура ца бовлийтархьама.
10
Суна гонах болчеран коьрта тӀе дужийла церан багара долуш долу вониг.
11
Догуш долу кӀегий оьгийла царна тӀе, цӀерга кхуьссийла уьш, кӀоргачу Ӏин чу оьгийла уьш, кхин хьала а ца бовлуш.
12
Вон мотт берш махкахь чӀагӀбина ма хуьлийла. Ницкъ берш, бохам а бина, хӀаллакбина хуьлийла.
13
Суна хаьа, Везачу Эло гӀело хьоьгучеран къовсам а къастор бу, пекъарна нийсо а хуьлуьйтур юйла.
14
Хьан лаамехь болчара Хьан цӀе хастор ю, цӀена берш Хьуна хьалха бехаш хир бу.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки