×

Делан Йозанаш 2012

Забур 14

1
Даудан назма. Веза Эла! Хьан хӀусамехь Ӏан хьенан ю бакъо? Хьан безачу лома тӀехь ваха хьенан ю бакъо?
2
Иза дан бакъо ю, цӀеначу новкъахула а лелаш, бакъахьараниг а деш, даггара билггал бакъдерг олуш волчун.
3
Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ, шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш, шен уллораниг емал а ца веш волчун.
4
Иза дан бакъо ю, Везачу Эло дӀатеснарг бӀаьрга ван а ца везаш, амма Везачу Элах кхоьруш болчеран сийдеш волчун. Шена цунах зен хилахь а, ша цунна хьалха чӀагӀо йинехь, шен дашана тӀера волуш воцучун.
5
Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама, иза духалург луш воцучун а, бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а. Цу тайпана лелаш верг даима а лаьттар ву.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки