Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Даудан назма. Веза Эла! Хьоьга кхойкху ас, сихлохьа суна тӀекхача, ас Хьайга кхойкхучу хенахь, сан озе ладогӀахьа. |
| 2 |
| Хаза хьожа йогӀу хӀума санна, сан доӀа Хьуна хьалха хуьлийла, куьйгаш аса айар Хьуна доккху суьйренан сагӀа санна хуьлийла. |
| 3 |
| Веза Эла, сан бете ха хӀоттадехьа, сан балдийн неӀарехь гӀарол дехьа. |
| 4 |
| Вониг даран ойланаш ма яхкийтахьа сан даг чу, харцонаш лелочу адамашца цхьаьна зуламе гӀуллакхаш дарх генаваккхахьа со. Церан тойнашкахь ма хилийтахьа со. |
| 5 |
| Дикачу стага суна таӀзар дойла — иза безам хиларца ду. Цо со нисвойла — сан коьртана долу даьтта иза ду. Сан корта цунах дӀа ма къаьхкийла! Ткъа сан доӀанаш гуттар а Ӏесачеран зуламна дуьхьал ду. |
| 6 |
| Церан тхьамданаш тархашна тӀера чукхуьссучу хенахь, нахана хуур ду сан дешнаш бакъ дуйла. |
| 7 |
| Цхьаммо латта охуш а, доькъуш а санна, вайн даьӀахкаш а дӀасакхиссина ю, эхартан баганна уллохь а Ӏохкуш. |
| 8 |
| Амма, сан Хьалдолу Эла, Хьуна тӀе хьажийна бу сан бӀаьргаш. Хьоьгахула со ларвеш ву, дӀа ма тасалахь сан са! |
| 9 |
| Суна йоьгӀначу речӀанех а, харцонаш лелочеран гурех а ларвехьа со. |
| 10 |
| Ӏеса нах шайн речӀанаша лоьцийла, ткъа со маьрша дехьаволийла. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/140.mp3
150
140