×

Делан Йозанаш 2012

Забур 141

1
Даудан хьехаме назма. Хьехахь волуш цо дина доӀа. Аз хозуьйтуш, Везачу Эле кхойкху со, аз хозуьйтуш, Цуьнга доӀа до ас.
2
Сайн латкъам ас Цуьнга балхабо, Сайн гӀайгӀа ас Цунна йовзуьйту.
3
Сан са кхачочу хенахь Хьуна сан некъ бевза. Со лелачу новкъахь мостагӀаша къайлаха суна гур боьгӀнера.
4
Со аьтту агӀор хьожу, амма массара а со цаларар го суна. Сан тӀетевжийла дӀаяьлла, сан синан гӀайгӀа беш цхьа а вац.
5
Со Хьоьга кхайкхира, Веза Эла, ас элира: «Сан чӀагӀонан меттиг а, дийначийн лаьтта тӀера сан дакъа а Хьо ду».
6
ДӀахазахьа сан тийжам, гӀора кхачийна-кх сан. Сайн мостагӀех кӀелхьарваккхахьа со, сол нуьцкъала бу-кх уьш.
7
Боданера сан са арадаккхахьа, Хьайн цӀе соьга язъяйта. Суна гонах Делан лаамехь берш гуллур бу, Ахь Хьайн дика болх суна бина дела.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки