×

Делан Йозанаш 2012

Забур 142

1
Даудан назма. Веза Эла! ДӀахазахьа сан доӀа! Хьо тешаме хиларна ладогӀахьа сан дехаре! Ахь нийсо лелорна жоп лохьа суна!
2
Хьайн лай волу со кхеле ма вигалахь, хӀунда аьлча дуьнен чохь вехарг цхьа а Хьуна хьалха бакъ вац.
3
МостагӀа ву суна тӀаьхьаваьлла, цо лаьттаца дӀашарвина со. Боданехь Ӏойту цо со, дуккха а хьалха белларш санна.
4
Суна чохь долу са эшна ду, сан дог шелделла ду.
5
Суна дагадогӀу дӀаихна денош, Хьан массо а гӀуллакхех ойла йо ас, Хьан куьйгаша динарг дагалоцу ас.
6
Хьоьга сайн куьйгаш кховдадо ас, хьагделла латта санна, Хьоьга сатесна ду сан са.
7
Жоп лохьа суна хӀинцца, Веза Эла! Сан са кхачош ду. Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа, коша чу боьлхучарах со тар ца валийта.
8
Ӏуьйранна Хьайн безамах дерг хазийтахьа суна, хӀунда аьлча Хьох тешна Ӏаш ву со. Со дӀаваха веза некъ гайтахьа суна, хӀунда аьлча сан са Хьоьга сатуьйсуш ду.
9
Веза Эла, сан мостагӀех кӀелхьарваккхахьа со! Хьоьга лар ма войту аса со.
10
Хьо сан Дела хиларна, Хьайн лаам кхочушбан Ӏамавехьа со. Хьан дикачу Сино шерачу лаьтта тӀехула вуьгийла со.
11
Хьайн цӀеран дуьхьа, Веза Эла, сан дахар кхоадехьа. Айхьа нийсо лелорна, баланах хьалхардаккхахьа сан са.
12
Хьайн соьга болчу хедар боцучу безамца сан мостагӀий хӀаллакбехьа, сан синна ницкъ бийраш дакъазабахахьа, хӀунда аьлча со — Хьан ялхо ву.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки