Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Даудан назма. Декъала ву Веза Эла, Иза сан тарх ю. Цо тӀамана кечвина со, сан куьйгаш лата Ӏамийна. |
| 2 |
| Суна тешаме Верг, сан ГӀап, сан къайлаволу Меттиг, со КӀелхьарвоккхург, сан турс — сан Цунах дегайовхо ю. Цо сан куьйга кӀел даладо сан халкъ. |
| 3 |
| Веза Эла! Мила ву стаг, Ахь цуьнан гӀайгӀа бан, адамийн кӀант тергал хӀунда во Ахьа? |
| 4 |
| Адам хьоькхучу махах тера ду, цуьнан дахар а дацлуш долу ӀиндагӀ ду. |
| 5 |
| Веза Эла! Хьайн стигалш дӀаса а таттий, чувоссахьа. Лаьмнех хьакхалохьа, тӀаккха цара кӀур тосур бу. |
| 6 |
| Стелахаьштиг тохий, мостагӀий дӀасакхиссахьа, Хьайн пхерчий а тохий, лахкахьа уьш. |
| 7 |
| Лакхара Хьайн куьг а кховдадай, буьрсачу хих а, хийрачу махкара болчу нехан карара а кӀелхьарваккхахьа со. |
| 8 |
| Церан баганаша даьссаниг дуьйцу, стаг Ӏехош ду церан куьйгаш. |
| 9 |
| Дела! Итт мерз болчу пондар тӀехь керла йиш локхур ю ас Хьуна, |
| 10 |
| паччахьашна толам лучу Хьуна, Хьайн лай Дауд дерачу туьрах кӀелхьарвоккхучу Хьуна. |
| 11 |
| Хийрачу махкара болчу нехан карара кӀелхьарваккхахьа со. Церан баганаша даьссаниг дуьйцу, стаг Ӏехош ду церан куьйгаш. |
| 12 |
| Ондачу диттех тера хуьлда вайн кӀентий, паччахьан цӀа чохь кечдинчу бӀогӀамех тера хуьлда вайн мехкарий. |
| 13 |
| Ялта Ӏалашдеш йолу чоьнаш мел долчу беркатах юьзна хуьлда вайн, дежийлашкахь эзарнаш уьстагӀий дебийла вайн. |
| 14 |
| Хьийкъина хуьлда вайн стерчий. Тхуна тӀелатар ма хуьлда, цхьа а йийсаре а ма вуьгийла. Вайн урамашкахь белхар ма хуьлда. |
| 15 |
| Ирс долуш ду и дерриг а долу халкъ. Ирс долуш ду Веза Эла Дела волу халкъ. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/143.mp3
150
143