|
| 1 |
|
| Даудан хастаман назма. А с хастор ву Хьо, сан Паччахь волу Дела. Хьан цӀе декъалйийр ю ас массо а хенахь. |
|
| 2 |
|
| Б илггал, хӀора дийнахь Хьо декъал а веш, Хьан цӀе хестор ю ас ерриге а тӀейогӀучу хенахь. |
|
| 3 |
|
| В еза Эла сийлахь ву, Иза хасто хьакъ ву, Цуьнан сийлаллех дерг хуур дац. |
|
| 4 |
|
| Г уттар а тӀаьхьено тӀаьхьенна Хьан гӀуллакхаш а хестор ду, цара Хьан ницкъах лаьцна а дуьйцур ду. |
|
| 5 |
|
| Д уьйцур ду аса Хьан доккхачу сийлаллин барамах. Хьан инзаречу гӀуллакхех лаьцна ойла йийр ю ас. |
|
| 6 |
|
| Е рриге а тӀейогӀучу хенахь Хьан инзаречу гӀуллакхийн нуьцкъалаллех дуьйцур ду наха, ткъа ас Хьо сийлахь хилар кхайкхор ду. |
|
| 7 |
|
| З урма а локхуш, Хьан нийсо хастор ю, Хьан сийлахьа дикалла а ойур ю цара. |
|
| 8 |
|
| И штта дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву Веза Эла, атта оьгӀаз а ца воьдуш, боккха безам а болуш. |
|
| 9 |
|
| К ъинхетаме ву Веза Эла дерриге а Ша кхоьллинчуьнца. Массаьрца а дика ву Иза. |
|
| 10 |
|
| Л аьттара Ахьа мел кхоьллинчо хеставо Хьо, Веза Эла, Хьуна тешамечу наха декъалво Хьо. |
|
| 11 |
|
| М ел дукха дуьйцур ду цара Хьан нуьцкъалаллех лаьцна, Хьан паччахьаллин сийлаллех лаьцна а кхайкхор ду цара, |
|
| 12 |
|
| Н ахана массарна а Хьан ницкъ а, Хьан паччахьаллин сийлалла а довзийта. |
|
| 13 |
|
| О лалла Хьан хедар доцу олалла ду, Хьан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду. П айде ду Цуьнан массо а дешнех тешар. Дерриге а Шен гӀуллакхашкахь тешаме ву Иза. |
|
| 14 |
|
| С еттинарш гӀиттабо Везачу Эло, ткъа гӀорасиза бисинчарна гӀо до Цо. |
|
| 15 |
|
| Т ап-аьлла массеран а бӀаьргаш Хьуна тӀе хьажийна бу, Ахь царна шен хеннахь кхача ло. |
|
| 16 |
|
| У ьш массо а вузаво Ахь, Хьайн куьйгаш схьадиллича. |
|
| 17 |
|
| Х ьо массо а некъаш тӀехь нийса ву, Веза Эла, массо а гӀуллакхаш тӀехь безаме а ву. |
|
| 18 |
|
| Ц Ӏеначу даггара Шега кхойкхучарна, массарна уллохь ву Веза Эла. |
|
| 19 |
|
| Ч ӀогӀа ларам Шега болчеран лаам Цо кхочушбо, церан мохь а хезий, уьш кӀелхьарбоху. |
|
| 20 |
|
| Ш а везаш берш Ӏалашбо Везачу Эло, ткъа харцо лелораш массо а хӀаллакбо. |
|
| 21 |
|
| Ӏ аббалц ас Везачу Элана хастам бийр бу. ХӀораммо а Цуьнан еза цӀе хестайойла массо а хенахь. |
|
|
|
|