Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Хастам бу Везачу Элана! Сан са, хаставе Веза Эла. |
| 2 |
| Со мел веха, Везачу Элана иллеш эр ду ас, иштта сайн Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху. |
| 3 |
| Элех теший ма Ӏелаш, адамах бӀобулий ма хилалаш, хьо кӀелхьарваккха йиш ма яц церан. |
| 4 |
| Шена чуьра са дӀадаьлча, стаг лаьтте воьрзу. Цу дийнахь цуьнан дог-ойланаш а дӀайовлу. |
| 5 |
| Ирс долуш ву шен гӀоьнча Якъубан Дела верг, шен Везачу Делах бӀобулуш верг. |
| 6 |
| Цу Дала кхоьллина стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а. Цо гуттар а ларбо тешам, |
| 7 |
| халахетар хиллачарна гӀо до, мецачарна кхача ло. Везачу Эло тутмакхаш мукъабоху, |
| 8 |
| Везачу Эло бӀаьрзечарна са гойту, Везачу Эло дахаран халонаша охьатаӀийнарш дӀанисбо, Везачу Элана Делан лаамехь берш беза. |
| 9 |
| Везачу Эло тӀебаьхкина нах Ӏалашбо, буона а, йисна Ӏачунна а гӀо до, харцо лелош болчеран некъ бухахьабоккху. |
| 10 |
| Веза Эла гуттар а паччахьалла деш хир ву, хьан Дела, ва Цийон, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь Паччахь хир ву. Везачу Элана хастам бе. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/145.mp3
150
145