Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Везачу Элана бу хастам! ХӀаъ, ма дика ду вайн Далла назма алар! ХӀаъ, ма тамехь а, оьзда а ду Иза хастор! |
| 2 |
| Веза Эла Ярушалайм дӀахӀоттош ву, махках баьхна исраилхой схьагулбеш ву. |
| 3 |
| Дог доьхначарна дарба деш ву Иза, церан чевнаш йоьхкуш ву. |
| 4 |
| Седарчийн дукхалла билгалйоккху Цо, царна массарна а шайн цӀераш ло Цо. |
| 5 |
| Сийлахь ву вайн Хьалдолу Эла, Ӏаламат боккха бу Цуьнан ницкъ, барам бац Цуьнан хьекъалан. |
| 6 |
| Шаьш лахара хеташ берш хьалаойу Везачу Эло, ткъа Ӏесанаш лаьтта кхаччалц охьатаӀабо. |
| 7 |
| Баркаллица Везачу Элана назманаш ала. Вайн Далла дечиг-пондарш тӀехь эшарш лакха. |
| 8 |
| Цо стигал мархашца дӀакъовлу, лаьттана догӀа хуьлуьйту, гунаш тӀехь буц хьалайолуьйту. |
| 9 |
| Цо бежанашна кхача латтабо, уьш кхайкхича, къийган кӀорнешна а юург ло. |
| 10 |
| Гила-динан ницкъах дезар а ца оьцу Везачу Эло, тӀемалойн майраллех зовкх а ца хьоьгу Цо. |
| 11 |
| Мелхо а, Цунна хьалха ларамах буьзнарш а, Цуьнан безаме сатуьйсурш а Цунна тамехь бу. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/146.mp3
150
146