Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Хаставе, Ярушалайм, Веза Эла, хаставе, Цийон, хьайн Дела, |
| 2 |
| хӀунда аьлча Цо хьан кевнийн гӀораш чӀагӀдо, хьуна чуьра хьан халкъ декъалдо. |
| 3 |
| Хьан дозанашкахь машар а латтабо, уггар тоьллачу кӀенаца хьо Ӏаба а йо Цо. |
| 4 |
| Шен омра лаьтта тӀе хьажадо Цо, Цуьнан дош цига сиха доьду. |
| 5 |
| ЮргӀа санна, ло охьадуьллу Цо, чим санна, йис дӀасакхуьссу. |
| 6 |
| ЖагӀа санна йолу къора туху Цо. Цуьнан шелонна дуьхьал мила латталур ву? |
| 7 |
| Цо Шен дош дахийтича, дерриг а дешна дӀадер ду. Цо мох тоьхча, хиш дӀадуьйлалур ду. |
| 8 |
| Цо Шен дош Якъубан тӀаьхьенна довзийтина, Шен парзаш а, тӀедехкинарш а — Исраилан халкъана. |
| 9 |
| И саннарг Цо кхечу халкъашна ца дина, царна ца девза Цо тӀедехкинарш. Хастам бу Везачу Элана! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/147.mp3
150
147