×

Делан Йозанаш 2012

Забур 148

1
Хастам бу Везачу Элана! Хаставейша Веза Эла стигалшкара, хаставейша Иза стигалан лакхенашкара.
2
Хаставейша Иза Цуьнан дерриге а маликаша, хаставейша Иза Цуьнан дерриге а эскаро.
3
Хаставейша Иза малхо а, батто а, хаставейша Иза дерриге а лепачу седарчаша а.
4
Хаставейша Иза уггар лекхачу стигалша а, иштта хӀаваан тӀехула долчу хиша а.
5
Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча Цо омра дира, ткъа уьш кхоллаелира.
6
Абаденналц уьш дӀахӀиттийна Цо. Цкъа а дӀадовр доцу парз дина Цо.
7
Хаставейша Веза Эла лаьттара хьала, хӀорда чуьра саьрмикаша а, хин массо а кӀоргенаша а,
8
стелахаьштиго а, къорано а, лоно а, мархаша а, Цуьнан дош кхочушдеш болчу чехкачу мохо а,
9
лаьмнаша а, массо гунаша а, массо стом луш долчу дитташа а, дерриге баганан дитташа а,
10
акхароша а, муьлххачу даьхнино а, лаьттарчу текхаргаша а, тӀемаш долчу олхазарша а,
11
лаьттарчу паччахьаша а, массо а къаьмнаша а, элаша а, лаьттарчу массо а тхьамданаша а,
12
къонахоша а, йоӀарша а, баккхийчара а, бераша а.
13
Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча Цуьнан цхьаннан цӀе ю хьалаяьккхина, Цуьнан сийлалла ю лаьттана а, стигалшна а тӀехула.
14
Цо Шен халкъ, маӀа санна, нуьцкъала хилийтира, хастамаш бан бахьана хӀоттийра Шена тешаме мел болчарна — Шена уллора халкъ долчу исраилхошна. Хастам бу Везачу Элана!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки