Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Хастам бу Везачу Элана! Лакха Везачу Элана керла эшар, хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь. |
| 2 |
| Исраилан халкъ шаьш Кхоьллинчух даккхийдеш хуьлийла. Цийонан бахархой шайн Паччахьах баккхийбойла. |
| 3 |
| Хастайойла цара Цуьнан цӀе, хелха а бовлуш, локхийла цара Цунна эшарш, жиргӀанаш а тухуш, дечиг-пондарш тӀехь. |
| 4 |
| ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъах дезар оьцу. Мискачеран Цо сийдо уьш кӀелхьарбахарца. |
| 5 |
| Далла тешаменаш оцу сийлаллех баккхийбойла, шаьш бийшинчохь а уьш баккхийбойла. |
| 6 |
| Церан багахь Далла хастамаш хуьлийла, ткъа церан карахь шина а агӀор ира долу тур хуьлийла. |
| 7 |
| Кхечу халкъашна бекхам бархьама а, къаьмнашна таӀзар дархьама а хуьлийла иза. |
| 8 |
| Иштта церан паччахьаш, гӀоьмеш а тоьхна, набахти чу бохкархьама а, царна уллорачу хьалдолчу нахана буржалш тохархьама а хуьлийла иза. |
| 9 |
| Царна хьакъ доллу кхел ярхьама а хуьлийла иза. Цунна тешаме болчу массарна а иза сийлаллина хир ду. Хастам бу Везачу Элана! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/149.mp3
150
149