Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Дауда язйина назма. Ӏалашвехьа со, Ва Дела, Ахьа со ларвар аса лоьху дела. |
| 2 |
| Везачу Эле аса элира: «Хьо ву сан Веза Эла. Сан массо а диканиг Хьоьгара бен дац». |
| 3 |
| Кху лаьттахь болчу Далла тешамечарах аьлча, уьш сийлахь ма бу, царах со тамехь ву. |
| 4 |
| Хийрачу деланашна тӀебоьлхучеран баланаш совбевр ма бу. ЦӀий Ӏаноран сагӀанаш аса церан деланашна дохур дац, церан цӀераш а сайн багахула аса йохур яц. |
| 5 |
| Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу. |
| 6 |
| Суна дӀадуьстина дерг исбаьхьа ду, Хьоьгара кхочун дерг суна тамехь ду. |
| 7 |
| Сайна кхетам луш волу Веза Эла аса декъалво. Ур-атталла буьйсанна а сан даго суна хьехам бо. |
| 8 |
| Суна гуттар а го Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта. |
| 9 |
| Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегӀ а кхерамехь дац. |
| 10 |
| ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац. |
| 11 |
| Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь, Хьан аьтту агӀор со леларна, абаденналц а там суна хуьлуьйту. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/015.mp3
150
15