×

Делан Йозанаш 2012

Забур 150

1
Хастам бу Везачу Элана! Хастамаш бе Шен дезачу цӀа чохь волчу Далла, хастамаш бе Шен ондачу стигалшкахь волчу Цунна.
2
Хастамаш бе Цунна Цуьнан сийлахьчу гӀуллакхийн дуьхьа, хастамаш бе Цунна Цуьнан чӀогӀачу возаллин дуьхьа.
3
Хастамаш бе Цунна турбин озаца, хастамаш бе Цунна тайп-тайпанчу мерз-пондаршца.
4
Хастамаш бе Цунна жиргӀанашца а, хелхаршца а, хастамаш бе Цунна дечиг-пондаршца а, шедагашца а.
5
Хастамаш бе Цунна шина а куьйгаца тӀедетташ долчу негӀаршца, хастамаш бе Цунна зевнечу цӀастанан негӀаршца.
6
Хаставойла Веза Эла садаӀар мел долчу хӀумано. Хастам бу Везачу Элана!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки