×

Делан Йозанаш 2012

Забур 18

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2
Стигалша Делан сийлалла гойту. Цо динчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу цара.
3
Таханалерчу дийно кханалерчуьнга хаам бо, тховсалерчу буьйсано кханалерчу буьйсане дуьйцу цунах лаьцна.
4
Ца дуьйцу иза я меттанашца, я дешнашца, церан аз а дац хезаш.
5
Дерриг а лаьтта тӀехула чекхйолу церан лар. Дуьне мел ду дӀакхочу церан тоьшалла. Стигалшкахь маьлхана Ӏан меттиг елла Дала.
6
Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кӀант санна, араболу малх а, къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш.
7
Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза, вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан. Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хӀума хьул ца ло.
8
Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чӀагӀо йо. Везачу Эло дӀадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кӀоргге волчунна а хьекъалалла ло.
9
Везачу Элан омранаш бакъахьара ду, цара дог айадо. Везачу Элан весет сирла ду, цо бӀаьргаш серладоху.
10
Везачу Элах кхерар цӀена ду, иза абаделлалц ду. Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю, уьш нийса а ю.
11
И дерриге а дешил деза ду, мазал а, улха чуьра мезан тӀадамал а мерза ду.
12
Хьан лена а цара боккха хьехам бо, уьш кхочушбарна йоккха ял а хуьлу.
13
Ша латийна массо а къинош хьанна го? Сан къайлаха долчу къинойх цӀанвехьа Ахь со.
14
Лаам болуш леточу къинойх ларвехьа Хьайн лай, цаьрга суна тӀехь толам а ца боккхуьйтуш. ТӀаккха цӀена хир ву со, даккхийчу къиношна бехке а воцуш.
15
Веза Эла, сан Тарх а, суна паргӀато Лург а, сан бетера долу дешнаш а, сан деган ойланаш а тамехь хуьлийла Хьуна хьалха.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки