×

Делан Йозанаш 2012

Забур 19

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2
Холчу хӀоьттинчу дийнахь дӀахезийла хьо Везачу Элана, ларвойла хьо Якъубан Делан цӀаро.
3
Цо гӀо доккхийла хьоьгахьа Шен цӀа чуьра, Цийон-лам тӀера хьо чӀагӀвойла Цо.
4
Ахь сагӀина мел деанарг дагатосийла Цунна, ахь дийнаташ дагоран сагӀа даккхарх там хуьлийла Цунна.
5
Кхочушбойла Везачу Эло хьан деган лаам а, ерриге хьан Ӏалашонаш а кхочушйойла Цо.
6
Ахь толам баьккхича, тхуна хазахетар ду, тӀаккха вайн Делан дуьхьа вай байракх ойур ю. Кхочушдойла Везачу Эло хьан дерриг а дехарш.
7
ХӀинца хиъна суна Везачу Эло Ша къобалвинарг кӀелхьарвоккхийла. Шен сийлаллин стигалшкара Цо жоп ло цунна Шен нуьцкъалчу кӀелхьарвоккхучу куьйгаца.
8
Цхьаболчара гӀудалкхех, вукхара говрех, ткъа оха тхайн Везачу Делан цӀарах дозалла до.
9
Уьш, мал а белла, ийгира, ткъа тхо, дӀа а хӀиттина, нисделира.
10
Веза Эла! Паччахье толам баккхийтахьа, тхо дӀа а хазахьа, Хьайга орца дохучу хенахь.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки