Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна? |
| 2 |
| Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. |
| 3 |
| Цара боху: «Хедийна, дӀадохур вай ваьшна тӀера церан буржалш, церан олаллех паргӀатдевр вай!» |
| 4 |
| Амма стигалара Дела воьлуш ву цу адамех, Хьалдолчу Эло сийсазбохуш бу уьш. |
| 5 |
| ТӀаккха Шен дераллица уьш чӀогӀа кхерийна, Цо, оьгӀаз а вахана, цаьрга дӀахьедийр ду: |
| 6 |
| «Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тӀехь, Сайн безачу лам тӀехь». |
| 7 |
| Везачу Эло билгалдаьккхинарг дӀакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох. |
| 8 |
| Деха соьга, тӀаккха Ас лур ду хьуна тӀаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц. |
| 9 |
| Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гӀожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегӀа санна». |
| 10 |
| Кхетийша, паччахьаш! Ӏамийша, дуьненан куьйгалхой! |
| 11 |
| Везачу Элана Ӏамалъейша кхерарца, даккхийдейша шайн дегнаш дегорца! |
| 12 |
| Ларийша кӀант, Иза оьгӀаз ца вахийтархьама а, шаьш хӀаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгӀазвахар цӀеххьана чӀагӀлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/002.mp3
150
2