Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. |
| 2 |
| Веза Эла! Хьо нуьцкъала хиларна самукъадаьлла ву паччахь, Ахь толам баккхийтарна барам боцуш хазахетта ву иза. |
| 3 |
| Цуьнан дагна лиънарг делла Ахь цунна, цуьнан бето дехнарг дӀа а ца теттира Ахьа. |
| 4 |
| ХӀунда аьлча диканна декъалварца дуьхьалвеара Хьо цунна, цӀеначу деших дина таж диллира Ахь цуьнан коьрта тӀе. |
| 5 |
| Цо дахар далар дийхира Хьоьга, Ахьа абаделлалц хан яхйира цуьнан. |
| 6 |
| Деза ду цуьнан сийлалла Ахь толам баккхийтарна. Ахь ларам а белла цунна, сийлахь хилар а делла. |
| 7 |
| Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна. Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан. |
| 8 |
| ХӀунда аьлча паччахь Везачу Элах тешна ву, Веза Воккхачун хедар боцучу безамах шеко а яц цуьнан. |
| 9 |
| Хьан куьйгана карор бу берриг Хьан мостагӀий, Хьан кара гӀур ма бу массо Хьо цавезарш. |
| 10 |
| Хьо оьгӀазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш. Ша оьгӀазваханчохь Везачу Эло хӀаллакбийр бу уьш, цӀеро буур бу уьш. |
| 11 |
| Лаьттара церан тӀаьхье а хӀаллакйийр ю Ахьа, адамийн кӀенташна юкъара церан хӀу а дойур ду Ахьа. |
| 12 |
| ХӀунда аьлча цара Хьуна дуьхьал зулам а даьккхира, вон Ӏалашонаш а хӀиттийра, амма уьш кхочуш ца янъелира цаьрга. |
| 13 |
| ТӀаккха цаьрга баккъаш берзабойтур бу Ахь. Хьайн секхаӀодаца пхерчий кхуьссур ду Ахьа царна тӀе. |
| 14 |
| Оха лакхавоккху Хьо, Веза Эла, Хьо нуьцкъала хиларна. Оха хастор ву Хьо иллешкахь Хьан сийлахь гӀуллакхаш бахьанехь. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/020.mp3
150
20