×

Делан Йозанаш 2012

Забур 22

1
Даудан назма. Веза Эла сан Ӏу ву. Суна мел оьшуш дерг хир ду сан.
2
Цо сийначу бай тӀехь дӀа а вижаво, тийначу хи тӀе а вуьгу со.
3
Сан синна ницкъ а луш, Шен цӀеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо.
4
Ӏожаллин ӀиндагӀ долчу тогӀи чухула со дӀагӀахь а, вонах кхоьрур вац со, хӀунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Ӏасано синтем ло суна.
5
Сан мостагӀашна а гуш, суна хьалха кхача биллина Ахь. Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь. Сан кад а тӀех буьзна бу.
6
Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь, тӀаккха Везачу Элан цӀа чохь сайн тӀейогӀу хан чекхйоккхур ю ас.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки