×

Делан Йозанаш 2012

Забур 23

1
Даудан назма. Латта а, цу тӀехь дерг а Везачу Элан ду. Цуьнан ду дуьне а, цу чохь дехаш дерг дерриге а.
2
ХӀордашна тӀехь дуьне ДӀахӀоттийнарг а, хишна тӀехь иза ЧӀагӀдинарг а Веза Эла ву.
3
Мила вер ву Везачу Элан лам тӀе, я мила дӀахӀуттур ву Цуьнан дезачу цӀа чохь?
4
Шегара зулам цадолуьйтург, дог цӀена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цӀарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву.
5
Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кӀелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна.
6
Якъубан Дела, Хьоьгара гӀо оьшучеран, Хьо лоьхучеран тайпа иштта ду!
7
Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа, шира неӀарш, дӀаеллало, сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!
8
Мила ву сийлаллин Паччахь? Иза онда а, чӀогӀа а волу, тӀамехь нуьцкъала волу Веза Эла ву.
9
Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа, шира неӀарш, дӀаеллало, сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!
10
Мила ву сийлаллин Паччахь? Массо а ницкъийн Веза Эла, Иза сийлаллин Паччахь ву.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки