×

Делан Йозанаш 2012

Забур 24

1
Даудан назма. А са Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла.
2
Б илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа. Сох мостагӀий ма кхардийтахьа.
3
Б ерриш а Хьоьга хьоьжурш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бац, ткъа бахьана доцуш ямартло йийраш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.
4
Г айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш, Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна.
5
Д е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со. Хьайн билггал бакъдолчунна тӀе а верзавехьа со, Ӏама а вехьа со, хӀунда аьлча со кӀелхьарвоккху Дела Хьо ву.
6
Е рриг а заманашкахь дуьйна болу Хьайн къинхетам а, хедар боцу безам а дагабаийтахьа, ва Веза Эла.
7
З уламаш сан Хьайна дага ма даийтахьа. Къоналлин къиношна гечдехьа сан. Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина, со дагаваийтахьа, Веза Эла, Хьо дика волу дела.
8
И сбаьхьа дика а, нийса а Веза Эла хиларна, бан беза некъ гойту Цо къинош летийначарна.
9
К Ӏезиг шаьш хетарш нийсонна тӀе Цо берзабо, Шен некъа тӀехь лела уьш Цо Ӏамабо.
10
Л еррина Цуьнан барт а, бакъонаш а ларъеш болчарна Везачу Элан дерриг а некъаш безаме а, тешаме а ду.
11
М ел дукха къинош латийна ас, Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа суна гечдехьа.
12
Н агахь санна стаг Везачу Элах кхоьруш велахь, адамо харжа беза некъ гойтур бу Цо.
13
О цу стага диканца шен хан а йоккхур ю, цуьнан тӀаьхьенна латта а кхочур ду.
14
П аргӀат юкъаметтиг ю Везачу Элан Шега ларамах буьзначаьрца, Шен барт а Цо царна бовзуьйту.
15
Р ечӀанна чуьра сан когаш Цо схьабахарна, сан бӀаьргаш даим а Везачу Элехьа бирзина бу.
16
С оьга схьа а хьажахьа, сох къинхетам а бехьа, хӀунда аьлча со цхьа а ву, гӀело хьоьгуш а ву.
17
Т Ӏех алсамъевлла сан деган гӀайгӀанаш, сан баланех со хьалхаваккхахьа.
18
У зарш а деш, со гӀайгӀанехь хиларан а, со гӀелваларан а тидам бехьа, сан дерриге а къиношна гечдехьа.
19
Х ьажахьа сан мостагӀашка, мел дукха бу уьш. Мел къизачу цабезамца соьга хьоьжу уьш.
20
Ч ӀагӀо а хилий, кӀелхьарваккхахьа со. Хьох тешна Ӏаш волу дела, юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со.
21
Ш еко а йоцуш, Хьоьга ладоьгӀуш волу дела, цӀена леларо а, нийсоно а ларвойла со.
22
Ӏ ийжам беш йолчу цуьнан ерриге гӀайгӀанех, Дела, паргӀатдаккхахьа Исраилан халкъ.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки