×

Делан Йозанаш 2012

Забур 25

1
Даудан назма. Веза Эла, бехказаваккхахьа, цӀеначу новкъахула леларна, со. Цкъа а гал ца волуш, Хьох тешна лелаш ма вара со.
2
Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа. Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа.
3
Хьан безам сан бӀаьргашна хьалха ма бу, Хьан билггал бакъдолчуьнца со лелаш ма ву.
4
Мекарчу адамашца со ца Ӏа, шалхонаш йолчарах со дӀа ца кхета.
5
Зуламхойн гулам суна ца беза, Ӏесачарна юкъахь со охьа ца хоу.
6
Куьйгаш а дуьлуш, сайн бехк цахилар дӀагойту аса, цундела кхечаьрца цхьаьна со а ву Хьуна Ӏибадат дечу меттигна го боккхуш,
7
сайн озаца Хьуна хастамаш бархьама а, Хьан дерриге а инзаречу гӀуллакхех лаьцна дийцархьама а.
8
Веза Эла! Деза суна Хьо Ӏаш волу цӀа а, Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а.
9
Сан са хӀаллак ма дехьа къинош летош болчаьрца, сан дахар а хӀаллак ма дехьа цӀий Ӏанор дезачаьрца.
10
Церан карахь ду зуламаш дар, церан аьтту куьг дуьзна ду кхаьънаш схьаэцарх.
11
Ткъа со-м сайн цӀеначу новкъахь ву. КӀелхьара а ваккхахьа со, къинхетам а бехьа сох.
12
Сан ког бу лаьтташ шерачу меттехь. Веза Эла декъалво аса динан гуламашкахь.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки