Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Даудан назма. Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла, сан Тарх! Суна жоп ца луш ма хилалахь. Хьо вист ца хилча, эхарте кхаьчначех тарлур ву со. |
| 2 |
| Сан доӀанаш дӀахазалахь ас Хьайга орца дохучу хенахь, Хьан дезачу цӀийне ас куьйгаш ойучу хенахь. |
| 3 |
| Шайна уллорачаьрга диканиг а дуьйцуш, ткъа дагахь вониг долчу а, зуламе гӀуллакхаш дечу а, Ӏесачу а нахаца хӀаллак ма вехьа со. |
| 4 |
| Церан гӀуллакхашка а, цаьргара даьллачу вочуьнга а хьажжий, кхел ехьа царна. Церан куьйгийн балхе хьажжий, ял лохьа царна, хьакъ дерриг юхалохьа царна. |
| 5 |
| Везачу Эло диначунна а, Цуьнан куьйго кхоьллинчунна а, цара тидам тӀе ца бахийтарна, Цо хӀаллакбийр бу уьш, юха метта а ца хӀиттош. |
| 6 |
| Хастам бу Везачу Элана, Цунна сан доӀанаш хезна. |
| 7 |
| Веза Эла сан чӀагӀо ю, со ларвеш долу турс ду Иза. Цунах тешна дара сан дог, тӀаккха Цо гӀо дира суна. Сан дог доккхадеш ду, сайн иллешца ас хаставо Иза. |
| 8 |
| Веза Эла Шен халкъан гӀап а ю, Ша къобалвинчун кӀелхьарваккхаран чӀагӀо а ю. |
| 9 |
| Хьайн халкъ кӀелхьара а даккха, Хьайн тӀаьхье декъал а е. Церан Ӏу хилахьа, уьш даим Ӏалаш а беш. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/027.mp3
150
27