×

Делан Йозанаш 2012

Забур 28

1
Даудан назма. Стигалан гуламехь берш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
2
Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша.
3
Везачу Элан аз ду хезаш хиш тӀехула. Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела. Везачу Элан аз ду хезаш хӀордаш тӀехула.
4
Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз, сийлахь а ду Везачу Элан аз.
5
Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо. Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло.
6
Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту, Хьермон-лам, акха бугӀа санна, ирхлоьлхуьйту.
7
Стелахаьштиг схьатуьйсу Везачу Элан озо.
8
Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо. Кхадеш цӀе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло.
9
Сешка кӀорнеш а йохуьйту, масарш оста а довлуьйту Везачу Элан озо. Везачу Элан цӀийнан кертахь массара а Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу.
10
ТӀедевллачу хишна тӀехь а олалла динера Везачу Эло. Абаденналц а паччахьан олалла дийр ду Везачу Эло.
11
Шен халкъана ницкъ лур бу Везачу Эло. Шен халкъ, синтем а луш, декъалдийр ду Везачу Эло.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки