Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Делан цӀа даздан олу Даудан назма. |
| 2 |
| Веза Эла, ас хастам бо Хьуна. Ахь кӀелхьарваьккхи со, сан мостагӀий сох ца белийти. |
| 3 |
| Сан Веза Дела! Ас гӀо дийхира Хьоьга, Ахь суна дарба дира. |
| 4 |
| Эхартара сан са ара а даьккхина, со денвира Ахь, Веза Эла, коша чу со ца вижийтира. |
| 5 |
| Хастам бе Везачу Элана, Цунна тешаме болу нах. Иза веза хилар дагадоуьйтуш, хаставе аша Иза, |
| 6 |
| хӀунда аьлча кӀеззигчу ханна ду Цуьнан оьгӀазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дӀахӀоттахь а, Ӏуьйранна самукъадалар хуьлу. |
| 7 |
| Со синтеме волуш ас бехира: «Цхьана а хӀумано меттахвоккхур вац со». |
| 8 |
| Хьайн диканца, Веза Эла, Ахь чӀагӀбира сан лам. Амма Ахь Хьайн юьхь къайлаяьккхича, со вуьйхира. |
| 9 |
| ТӀаккха, Веза Эла, Хьоьга кхайкхира со. Хьалдолчу Эле ас дийхира: |
| 10 |
| «ХӀун пайда бу сох, со хӀаллаквича? Хьуна хӀун лур ду, со коша чу вижча? Сан докъо хастам бийр буй те Хьуна? Сох йисинчу чено Хьан бакъдерг кхайкхор дуй те? |
| 11 |
| Веза Эла, со дӀа а хазий, къинхетам бехьа сох! Веза Эла! Хилахьа сан гӀоьнча». |
| 12 |
| Ахь сан белхаран метта, суна хелхар дели, сингаттаман духарш дӀа а эцна, самукъадаларан духарш суна тӀедуьйхи. |
| 13 |
| Сан сино, ца соцуш, хеставойла Хьо. Сан Веза Дела, ас хестор ву Хьо гуттара а. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/029.mp3
150
29