×

Делан Йозанаш 2012

Забур 3

1
Дауда шен кӀантах Абушаламах ша ведда лелла хан дагайоуьйту назма.
2
Веза Эла! Ма дебна сан мостагӀий! Дукхахберш суна дуьхьал гӀевттина.
3
Цара сох лаьцна олу: «Делера кӀелхьарвалар хир дац цунна».
4
Амма Ахьа, Веза Эла, турсо санна, со ларво. Хьо ду Сан дозалла, Ахь ойу сан сий!
5
Ас доггах кхойкху Везачу Эле, Шен безачу лам тӀера Цо жоп ло суна.
6
Со вуьжу, наб йо ас, гӀотту со, Везачу Эло со ларвойла а хууш.
7
Сайна го бинчу эзарнаш мостагӀех кхералур вац со.
8
ГӀаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кӀелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагӀийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гӀуллакхаш дечеран цергаш ма оту.
9
Везачу Элера ду кӀелхьардовлар. Хьан халкъана тӀехь хуьлийла Хьан декъалдар.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки