|
| 1 |
|
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. |
|
| 2 |
|
| Веза Эла! Хьоьга ларвойту аса со. Цкъа а юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа со. Хьайн нийсонца со паргӀатваккхахьа. |
|
| 3 |
|
| Хьайн лерг суна тӀедерзадехьа, со кӀелхьарваккха сихлохьа. Тарх санна хилахьа, со ларвархьама, чӀогӀа гӀап санна хилахьа суна, со кӀелхьарваккхархьама. |
|
| 4 |
|
| Суна чхар санна Хьо хиларна, суна гӀап санна Хьо хиларна, Хьайн цӀеран дуьхьа со лела а вехьа, суна тӀехь урхалла а дехьа. |
|
| 5 |
|
| Къайлаха дӀахӀоттийначу гура чуьра со схьаваккхахьа, хӀунда аьлча Хьо ю сан чӀагӀо. |
|
| 6 |
|
| Хьан кара дӀало аса сайн са. Веза Эла, тешаме Дела, Ахьа кӀелхьарвоккхур ву со. |
|
| 7 |
|
| ХӀумма а боцучу цӀуйн сийдийраш бӀаьрга бан а ца беза суна, ткъа со Везачу Элах тешна Ӏаш ву. |
|
| 8 |
|
| Хьан хедар боцу безам бахьанехь хазахеташший, самукъадаьллий хир ву со. ХӀунда аьлча ас хьоьгу Ӏазап Хьуна гира, сан синан бала Хьуна дӀахиира. |
|
| 9 |
|
| МостагӀчун кара дӀа ца велира со Ахьа. Сан когаш паргӀатчу меттехь дӀахӀиттий Ахь. |
|
| 10 |
|
| Веза Эла, сох къинхетам бехьа, хӀунда аьлча ву-кх со готтехь. Сингаттаме со хиларна, худабелла сан бӀаьргаш а, сан са а, сан кийра а. |
|
| 11 |
|
| Сингаттамо дахар а гӀелдина сан, шераш а узарш деш дӀадовлу сан. Аса къинош леторна, сан ницкъ а дӀабаьлла, сан даьӀахкаш а малъелла. |
|
| 12 |
|
| Сан мостагӀий бахьанехь ур-атталла сан лулахоша а тӀехдетта суна, со вевзаш берш а дӀакъехка сох. Урамехь со гинарш а дӀабовду сох. |
|
| 13 |
|
| Велларг санна, нехан дегнаша вицвина со. Йоьхна пхьегӀа санна ву со. |
|
| 14 |
|
| Дуккханнийн а харцлер хеза суна. Массо а агӀор къемат тӀегӀерта, суна дуьхьал барт а бина, сан са даккха дагахь цара ойланаш йича. |
|
| 15 |
|
| Ткъа со Хьох теша, Веза Эла. Аса олу: «Хьо ву сан Дела». |
|
| 16 |
|
| Хьан карахь ду сан дахаран денош. Сан мостагӀийн карара а, суна тӀаьхьабевллачех а со кӀелхьарваккхахьа. |
|
| 17 |
|
| Хьан лай волчу суна тӀе Хьайн юьхь тӀера серло лепийтахьа. Хьайн хедар боцучу безамца со кӀелхьарваккхахьа. |
|
| 18 |
|
| Веза Эла! Хьоьга кхайкхарна со юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла. Ткъа Ӏесанаш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, эхартахь тийна дӀасовцийла. |
|
| 19 |
|
| Тхьузйоьлла юьсийла харцлоь баганаш, Делан лаамехь лелачарна дуьхьал кураллица а, дозаллица а вониг дуьйцуш йолу. |
|
| 20 |
|
| Мел дукха ду-кх Хьоьгара долу дика, Хьоьга ларамах буьзначарна дала Ахьа кечдина долу. Хьоьга шаьш лардойтуш долчу массо а адамашна хьалха дӀало Ахь иза! |
|
| 21 |
|
| Адамийн питанех Хьайн юьхьца къайлабоху Ахь уьш. Дуьхьал лоьчу меттанех Хьайн ӀиндагӀехь къайлабоху Ахь уьш. |
|
| 22 |
|
| Декъала ву Веза Эла, го бинчу гӀалахь со волуш, суна Ша тешаме хилар Ӏаламат кепара гайтина волу! |
|
| 23 |
|
| Со дог доьхна волуш, суна хийтира, Хьайн бӀаьргашна дуьхьалара Ахь со дӀаваьккхина аьлла. Амма Хьуна дӀахезира сан доӀанан аз, Хьайга со дӀакхайкхича. |
|
| 24 |
|
| Веза Эла везаш хилалаш, Цуьнан долахь мел дерш. Тешаме берш Везачу Эло ларбо, ткъа дозаллаш дечарна шайн хьакъ дӀало. |
|
| 25 |
|
| Доьналла долуш хилалаш! Шун дегнаш чӀагӀлойла, Везачу Эле сатуьйсучу шун массеран а дегнаш чӀагӀлойла! |
|
|
|
|