Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Даудан хьехаме назма. Декъала ву Везачу Эло цуьнан къинош цкъа а цунна дуьхьал ца лоруш волу стаг! |
| 2 |
| Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а, шен синца мекарло йоцу а стаг! |
| 3 |
| Айса къа латадар дӀа а ца дуьйцуш, Хьоьга вист а ца хуьлуш, со Ӏачу хенахь, хӀора денна ас узарш дарна, малъелла дӀаяьллера сан даьӀахкаш. |
| 4 |
| ХӀунда аьлча дийнаххьий, буьйсанний Хьан куьг суна тӀехь дазделла лаьттара. Аьхкенан йокъа хӀоьттинчу хенахь санна, бос а байна сан. |
| 5 |
| Амма айса латийначу къинна къера а хилира со, сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох. Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дӀадоьллур ду ас». ТӀаккха Ахь дӀабаьккхира суна тӀера сан къинан бехк. |
| 6 |
| ХӀора Делан лаамехь волчо доӀа дойла Хьоьга, ша нийса вац аьлла хетачу хенахь, даккхий хиш дистина догӀучу хенахь, цунна тӀе уьш кхочур дац. |
| 7 |
| Хьо волчохь ю сан дӀалочкъийла, Ахь ларво со халонех, кӀелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна. |
| 8 |
| Ас хьо кхетор а ву, хьо ваха везачу новкъа а воккхур ву. Ас куьйгалла а дийр ду хьуна тӀехь, Сан бӀаьрг а бу хьуна тӀехь. |
| 9 |
| Ма хилийша дин санна, я кхеташ йоцу вирбӀарза санна, шаьш бохург цаьрга дайтархьама, церан мочхалш тӀе дуьрстанаш а, гаьллаш а йоьхкина, сецо езаш йолу. |
| 10 |
| Дог цӀена доцучу стеган дукха баланаш бу, ткъа Везачу Элах тешна Ӏаш волчунна Цуьнан хедар боцу безам хуьлу. |
| 11 |
| Везачу Эло шайна динарг бахьанехь, самукъане хилалаш, Делан лаамехь дерш, даккхийделаш, дог цӀена дерш. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/031.mp3
150
31