×

Делан Йозанаш 2012

Забур 32

1
Делан лаамехь дерш, шайн Везачу Эло диначунна даккхийделаш. Шаьш бакъ болчаьргахь хастамаш бар товш ду.
2
Хастам бе Везачу Элана, дечиг-пондар локхуш, ала Цунна иллеш итт мерз болу пондарца.
3
Ала Цунна керла илли: говза лакха Цунна, воккхаверан аз айдеш.
4
ХӀунда аьлча Везачу Элан дош билггал бакъ ду, Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь тешаме ву Иза.
5
Цунна бакъдерг а, нийсо а еза. Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта.
6
Везачу Элан дашца кхоллаелла стигалш, Цо Шен Синан Ӏаь тохарца кхоьллина стигалара массо а ницкъаш а.
7
ХӀордан хиш Цо, оьланаш санна, гулдина, кӀорга хиш Цо шен-шен меттигашкахь сацийна.
8
Дерриге а латта а кхоьрийла Везачу Элах, инзардовлийла Цунна хьалх дуьнен чохь мел дехарш.
9
ХӀунда аьлча Цо элира — иза хилира, Цо омра дира — иза дӀахӀоьттира.
10
Везачу Эло бохабо хийрачу мехкашкара къаьмнийн лаамаш, хӀаллакйо халкъийн Ӏалашонаш.
11
Ткъа Везачу Элан Ӏалашо абаделлалц лаьтта, Цуьнан дагахь дерг тӀаьхьенера тӀаьхьене кхочу.
12
Декъала ду Веза Эла шен Дела волу халкъ. Цо, Шен дола а даьккхина, къастийна тукхам ду иза.
13
Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу, массо а адамийн кӀентий го Цунна.
14
Ша охьахиъна Ӏаш волчу сийлаллин гӀанта тӀера лаьттахь дехаш долчу массо а адамашка охьахьоьжуш ву Иза.
15
Везачу Эло кхоьллина церан массеран а дегнаш, церан мел долчу гӀуллакхийн духе а кхуьу Иза.
16
Шен эскар доккха хиларх паччахьо а толам ца боккху. Шен боккха ницкъ хиларх тӀемало а кӀелхьара ца волу.
17
Дин а бац тешаме стаг кӀелхьарваккха, шен боккхачу ницкъаца а кӀелхьарвоккхур вац цо иза.
18
Веза Эла хьоьжуш ву Шех кхоьручаьрга а, Шегара болчу хедар боцучу безаме ладоьгӀучаьрга а.
19
Цо уьш Ӏожаллех а кӀелхьарбоху, кхача а ло царна мацалла хӀоьттинчу хенахь.
20
Вай Везачу Элах тешна ду. Иза вайн гӀоьнча а, вай лардо турс а ду.
21
Везачу Элана самукъадаьлла ду вайн дегнаш, Цуьнан сийлаллин цӀарах тешна вай деха дела.
22
Веза Эла, Хьан хедар боцу безам хуьлийла тхуна тӀехь тхо Хьох тешна Ӏаш долчу хенахь.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки