|
| 1 |
|
| А бу-Маликана хьалха, ша хьераваьлла моттуьйтуш, Дауда аьлла йолу назма. Дауда иза динера, ша Абу-Малике дӀаэккхавайтархьама. Иштта, Абу-Малика эккха а вина, Дауд дӀавахара. |
|
| 2 |
|
| В еза Эла декъалво ас муьлххачу а хенахь. Цунна хастам а бу сан багахь массо а хенахь. |
|
| 3 |
|
| Г Ӏийла дерш, дӀа а хазий, самукъадаьлла хилалаш, Везачу Эло динчунна воккхавеш ма ву со. |
|
| 4 |
|
| Д екъал а веш Веза Эла, вазвелаш И соьца. Язъе вай массара а Цуьнан еза цӀе хӀинца. |
|
| 5 |
|
| Е рриг а хан йоккхура ас, Везачу Эле кхойкхуш. Цунна дӀа а ма хезира ас деш долу доӀанаш. Сан мел болчу кхерамех со кӀелхьарваьккхи Цо. |
|
| 6 |
|
| З овкх ду Цунна тӀебирзинчаьргахь, уьш серлабуьйлу. Церан яххьаш цкъа а хир яц юьхьӀаьржонах юьзна. |
|
| 7 |
|
| И штта мискачо дехнарг а Везачу Элана дӀахеза. Цуьнан массо а баланех Цо и кӀелхьарвоккху. |
|
| 8 |
|
| К Ӏелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш. Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо. |
|
| 9 |
|
| Л еррина шу хьаьвсича, Везачу Элан диканан чам кхетар бу шуна! Ма декъала а ву-кх Цунах тешна Ӏаш волу стаг! |
|
| 10 |
|
| М а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш, хӀунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хӀуманан тоам хир бу. |
|
| 11 |
|
| Н аггахь ур-атталла лоьман кӀорнеш а, яа хӀума йоцуш, мацаллехь хуьлу, ткъа Веза Эла лоьхург, Цуьнан диканах тоам боцуш вуьсур вац. |
|
| 12 |
|
| О йла а еш, бераш, соьга хӀинца ладогӀа. Везачу Элах кхоьруш хила аса шуна хьоьхур ду. |
|
| 13 |
|
| П аргӀат долу дахар дезий шуна? Дукха даха лаьий шуна Делан дика гархьама? |
|
| 14 |
|
| Р еза боцу мотт зуламна аша бехкалаш. Ткъа мекара долу дешнаш шайн багара ма довлийта. |
|
| 15 |
|
| С ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де! Цу гӀуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш. |
|
| 16 |
|
| Т къа Хьан бӀаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу. Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу. |
|
| 17 |
|
| У ллора дӀа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна, Лаьттара царах лаьцна долу массо а хӀума дӀадайархьама. |
|
| 18 |
|
| Х еза Везачу Элана, Шен лаамехь болчара кхайкхича. Церан берриге а баланех Цо уьш кӀелхьарбоху. |
|
| 19 |
|
| Ц о Ша дог доьхначарна уллохь гойту. Дог диллина Ӏаш берш а Везачу Эло кӀелхьарбоху. |
|
| 20 |
|
| Ч ӀогӀа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а, амма массо а халонех Везачу Эло иза кӀелхьарвоккхур ву. |
|
| 21 |
|
| Ш аерриш а цуьнан даьӀахкаш Везачу Эло ларъеш ю. Царах цхьа а Цо кагйийр яц. |
|
| 22 |
|
| Э ххар а къалатийнарг шен зуламо вийна дӀавоккхур ву. Делан лаамехь берш цабезнарш, хӀаллакьхилла, дӀабевр бу. |
|
| 23 |
|
| Ӏ азапера Везачу Эло мехах паргӀатвоккху Шен ялхо. Шех тешна Ӏаш берш Цо бехке ца бо. |
|
|
|
|