Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Везачу Элан ялхо волчу Даудан назма. |
| 2 |
| Ӏесачун кӀорггера даг чуьра аьрхалла йистхуьлу цуьнга. Цуьнан бӀаьргаш чохь Делах кхерар дац. |
| 3 |
| Шех лаьцна оццул лекха ойла ю цуьнан, шен къинош а гина, уьш ца деза кхетам ца кхаччал. |
| 4 |
| Цуьнан багара схьадолу дешнаш харц а, мекара а ду. Кхетаме хилар а, дика лелар а цо дитина ду. |
| 5 |
| Вижинчохь а вон ойланаш йо цо. Иза харц некъа тӀе а волу, вониг дарх дӀа а ца воьрзу. |
| 6 |
| Веза Эла! Хьан хедар боцу безам стигалшка дӀакхочу, Хьан тешаме хилар мархашка кхочу. |
| 7 |
| Хьан нийсо лекха лаьмнаш санна ю. Хьан кхел кӀорга хӀордаш санна ю. Адамаш а, бежанаш а Ӏалашдо Ахь, Веза Эла! |
| 8 |
| Мел чӀогӀа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела! Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь адамаша шаьш лардойту. |
| 9 |
| Хьан токхечу цӀийнах дузуш ду уьш. Хьайх долучу диканан хица хьогалла дӀайоккху Ахь церан. |
| 10 |
| ХӀунда аьлча Хьоьгара ду дахаран хьоста. Хьоьца йолчу серлонгахь серло го тхуна. |
| 11 |
| Дахдехьа Хьо вевзачарна Хьайн безам балар а, догцӀеначарна Хьайн нийсо лелор а. |
| 12 |
| Курачун ког суна тӀе ма болийла, къилахь волчун куьйго со дӀа а ма эккхавойла. |
| 13 |
| Зулам лелош берш цигахь охьаэгна. Шаьш охьабахкарна, уьш хьала ца гӀовттало. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/035.mp3
150
35