×

Делан Йозанаш 2012

Забур 37

1
Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа.
2
Веза Эла! Хьо дарвеллачохь суна тӀех ма деттахьа. Хьо оьгӀазвахханчохь суна таӀзар ма дехьа.
3
ХӀунда аьлча Хьан пхерчий сох чекхдевлла. Суна тӀехь долу Хьан куьг а дазделла.
4
Хьан дералла бахьанехь дийна меттиг а ца йисина сан дегӀа тӀехь. Сан даьӀахкаш лозуш ю ас летийна къинош бахьанехь.
5
Сан коьртал а лакхадевлла аса летийна къинош, суна тӀехь ма ду уьш, беза мохь санна.
6
Вон хьожа а йогӀуш, наткъарх юьзна ю суна тӀера чевнаш, сан хьекъал ца кхачарна.
7
Сатта а сеттина, охьатаьӀна лела со, дийнахь сарралц гӀайгӀанехь лела со.
8
Кийра а буьзна дерачу чевнех сан, дегӀа тӀехь дийна меттиг а ца йисна сан.
9
Ца мегачу ваьлла со, воха а воьхна, узарш деш лела со, дог чӀогӀа дохарна.
10
Веза Эла! Сан берриг а лаамаш Хьуна хьалха ма бу. Сан синан садеӀар Хьох къайла ца долу.
11
Дог а дегадо сан. Сан ницкъо а вити со. БӀаьргийн серло а яц ур-атталла хӀинца сан.
12
Сан доттагӀий а, накъостий а сан даьӀнех дӀабирзи. Сан гергара берш берриге а суна генабевли.
13
Ткъа со вен тӀаьхьабевллачара суна гураш дугӀу. Суна зулам хила луучара со дакъазаваларх лаьцна дуьйцу, цара хӀора дийнахь юкъа питанаш туьйсу.
14
Ткъа суна-м хезаш дац, къорачунна санна, ву со бага дӀа ца йоьллу, мотт ца хуург санна.
15
Хилла со къора стаг санна, багахь дала жоп доцуш волу.
16
ХӀунда аьлча, Веза Эла, Хьоьга ас ладоьгӀу. Сан Хьалдолу Дела, Ахь суна жоп лур ма ду.
17
ТӀаккха ас элира: «Суна тӀехь толам ма боккхийла сан мостагӀаша. Сан ког шершачу хенахь, цара ма йойла суна кураллаш».
18
Со вожа герга ву, сан бала гуттара а соьца бу.
19
Со къера ву сайн харцонашна, дохковаьлла со сайн къинна.
20
Ткъа сан мостагӀий бехаш а, чӀагӀлуш а лаьтташ бу. Бахьана доццушехь, со цавезарш багар ца баллал бу.
21
Ас дечу диканна дуьхьал суна зулам дийраш, аса дика дешшехь, суна дуьхьалбовлу.
22
Ма витахьа со, Веза Эла! Гена ма валахьа суна, сан Дела!
23
Суна гӀо дан сихлохьа, Веза Эла волу, сан КӀелхьарвоккхург!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки