Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга, Ядутуне. Даудан назма. |
| 2 |
| Ас элира: Сайн маттаца къинош ца леторхьама, со лелачу сайн некъийн тергам бийр бу аса. Ӏесанаш сайна хьалха мел бу, сайн бат дӀасацор ю аса. |
| 3 |
| Мотт ца хуург санна а, аз доцург санна а хуьлура со, ур-атталла диканна а вист ца хуьлура со. Ткъа сан баланаш совбевлира. |
| 4 |
| Сан дог алу хилла дӀахӀоьттира. Цуьнан дукха ойла ярна, сан кийрахь цӀе елира. Со сайн маттаца дийца волавелира: |
| 5 |
| Веза Эла, алахьа соьга, сан кхалхар маца хир ду а, сан дахаран денош мел дисна а. Мел ду те уьш, Ахь суна дуьнен чохь яккха елла хан мел ю хаархьама. |
| 6 |
| Ахь суна делла денош цхьайолу шенаш санна бен дац. Сан оьмар Хьуна гергахь хӀумма а йоцург ю. Билггал, хӀора стеган дахар хӀо санна бен дац-кх. |
| 7 |
| Билггал, адам гӀаларт санна лела-кх. Эрна хӀума а до цо, хьал а гулдо, ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх. |
| 8 |
| Ткъа хӀинца аса стенга ладогӀа деза те? Сан сатийсар-м Хьоьга ду. |
| 9 |
| Аса лелочу дерриге а зуламех кӀелхьарваккхахьа со. Емалвайта сонтачеран кара дӀа ма лохьа со. |
| 10 |
| Мотт а сецна, сан багара дош ца долу, суна мел динарг Ахьа дина долу дела. |
| 11 |
| Айхьа суна дина таӀзар дӀадаккхахьа, Хьан куьг дукха дардаларна дӀавер ву со. |
| 12 |
| Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таӀзар до, цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дӀадоккху. Билггал, хӀора стаг хӀо санна бен вац-кх! |
| 13 |
| Веза Эла, сан доӀа дӀахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бӀаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Ӏехьа. ХӀунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тӀевеанарг а ву. |
| 14 |
| ДӀа а кхелхина, дуьнен чуьра дӀаваххалц йолчу ханна витахьа со, сан кхин а воккхавен йиш хилийтархьама. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/038.mp3
150
38