1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2
Боккхачу тешамца ладоьгӀура аса Везачу Эле, тӀаккха соьгахьа схьавирзира Иза, ас доккху орца а дӀахезира Цунна.
3
Кхерамечу гӀу чуьра со хьала а ваьккхина, сацкъаран уьшал чуьра со схьа а озийна, тарха тӀе сан когаш Цо дӀахӀиттийра, ас еш йолу сан гӀулчаш Цо чӀагӀйира.
4
Тхайн Далла хастамаш беш йолу керла эшар йиллира Цо сан бага. Дукхахберш, иза а гина, ларамах буьзна а хир бу, Везачу Элах тешна а хир бу.
5
Декъала ву Везачу Элах тешна Ӏаш волу а, цӀушка дехарш деш воцу а, харцделанашна Ӏамал ечарах дӀакхетта а воцу стаг.
6
Алссам ду, сан Веза Дела, Ахь мел дина тамашийна гӀуллакхаш а, тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а. Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара! Ахь мел динчу гӀуллакхех лаьцна Ас дийцахь я кхайкхам бахь, церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара!
7
СагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзира Хьуна, Сан лергаш дӀадиллира Ахь. Дийнаташ дагоран сагӀанаш Хьуна ца тайра, къинойх долу сагӀанаш Ахь ца дийхира.
8
ТӀаккха ас элира: «Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду.
9
Хьан лаам кхочушбан лууш ву со, сан Дела! Хьан товрат-хьехамаш сан даг чохь лаьтта».
10
Боккхачу гуламехь дуьйцура аса Хьан нийсонах лаьцна. Сайн баганна новкъарло ца йора аса, Хьуна ма-хаъара, Веза Эла.
11
Хьан нийса хилар сайн даг чохь къайла ца доккхура аса. Хьо тешаме хиларх а, Ахь кӀелхьарваккхарх а лаьцна кхайкхадора аса. Боккхачу гуламна хьалха Хьан хедар боцу безам а, Хьан билггал бакъдерг а ца хьулдора аса.
12
Веза Эла, сох къинхетам бар Ахьа цкъа а ца сацадо. Хьан безамо а, тешаме хиларо а саццаза ларвойла со,
13
хӀунда аьлча барам боцучу бохамаша го бина суна. Сан къиноша, со стенга вала веза ца хаъал, хьалавуьзна со. Уьш сан коьртарчу месел а совдевлла. Сан доьналла а сох дӀакъаьстина.
14
Веза Эла, со кӀелхьарваккхар Хьайна тамехь хилийтахьа. Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа.
15
Сан са хӀаллакьхилар лоьхурш юьхьӀаьржачу а хӀуьттийла, царна эхь а дуссийла! Суна зулам хила луурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юха а берзабойла!
16
Со емалвархьама, соьга: «Жолам-яӀ!» — бохурш, шайна эхь доссарна, боьхна хьийзийла.
17
Хьо лоьхуш болу массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Ахь шаьш кӀелхьардахар дезаш болчара «Сийлахь ву Веза Эла!» — саццаза олийла.
18
Со-м къен а, миска а ву. Хьалдолу Эла, сан гӀайгӀа бехьа! Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а. Ва сан Дела, хье ма лохьа!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012